газета даккхаран некъаш

15.04.2014

Дуккха а  оьрсийн  яздархоша  аьлла дешнаш ду   вайн нохчийн маттах лаьцна.  Петр Карловича Услара а аьлла вайн маттах лаьцна:  «Нохчийн мотт ч1ог1а къен  хеташ берш, цунах кхетам боцуш нах бу».Ткъа, оьрсийн воккха  яздархо Л.Н.Толстойс а иштта аьлла : «Нохчийн  мотт  уггар  а  хазачу а,  хьал  долчу а  меттанех цхьаъ  бу,  нагахь  кхоччуш  дика  иза хууш   хьо   велахь».

 

 

 

 

 

Гуьмсe муниципальни  к1оштан

Муниципальни бюджетни юкъарадешаран хьаьрма

                                            Гуьмса к1оштан

          «Г1оьрдала-Юьртан  юккъера  юкъарадешаран школа»

 

 

НОХЧИЙН ГАЗЕТ

 

 

 

                                                       Коьрта редактор –Эсилаева А.Х

                                                 Редакцин кхеташо:

                                                Дениева М.В.,Халимова А.Х.,Оздамиров А.А

 

 

                              ЧУЛАЦАМ

*      - Нохчийн маттах а, хьехархойх а лаьцна……………………..……………………..3

*      - Юьртара  яздархой ……………………………….….………….……………….6

*      - Дешархойн пох1ма.……………………………………………………………13

*      - Нохчийн мотт……………………………………...……….14

*      - Нохчийн кхерч…………………………………….15

*    - Тхан юрт………………………………………………………16

 

 

 

 

 

 

Метод цхьанакхетараллин куьйгалхо Эсилаева 1айнаъ.

Нохчийн маттах а, хьехархойх а лаьцна…

Дуккха а  оьрсийн  яздархоша  аьлла дешнаш ду   вайн нохчийн маттах лаьцна.  Петр Карловича Услара а аьлла вайн маттах лаьцна:  «Нохчийн мотт ч1ог1а къен  хеташ берш, цунах кхетам боцуш нах бу».Ткъа, оьрсийн воккха  яздархо Л.Н.Толстойс а иштта аьлла : «Нохчийн  мотт  уггар  а  хазачу а,  хьал  долчу а  меттанех цхьаъ  бу,  нагахь  кхоччуш  дика  иза хууш   хьо   велахь».

Буьйцучу   маттаца   бен  цхьа а  х1ума  дийца йиш  яц вайн. Ткъа и  мотт  беза а, бийца  а,  дешархой  цу  меттан г1оьнца,   г1иллакх-оьздангаллица,  кхетам-кхиорехь,  къахьоьгуш  схьабог1уш бу вайн нохчийн меттан  хьехархой. Иштта    къахьоьгучарех бу тхан школера   нохчийн меттан хьехархой а. Тахана       уьш билгалбохуш  ала     луур дара суна. Ненан мотт     берашна безийта а, бовзийта а 1алашо ю цара шайна хьалха х1оттийнарг. Шаьш беш болу болх вовшашца уьйр     йолуш,   къона  хьехархо  воккхачух      дага а  волуш бертахь бо цара.

               Суна хетарехь,   тхан   школерчу   дешархошна   хала дац   нохчийн  мотт 1амо ишттачу   хьехархошца. Лакхарчу классашкахь   нохчийн   мотт  хьоьхуш  ву Оздамиров Асламбек. Иза  болх  беш  волу  дуккха  а шераш ду.    Ша болх беш волчу ханна   школехь дика   хьехархо хиларца  билгалваьлла а ву Асламбек А.  Берашца мел беш болу болх – урокехь а , урокал арахьара  а -  нохчийн матте  берийн  безам  совбоккхуш   нохчийн маттана  т1ебоьг1на    бу   цуьнан. Асламбека  дукха елла йиллина урокаш а, къоначу хьехархошка    а шех   пайда    а луш.

Ворх1алг1ачу классехь       нохчийн         мотт           хьоьху  Аюбова          Раймана.   Иза    говза    хьехархо ю, цуьнан        урокашкахь     пайда    оьцу къоначу    хьехархоша   а. Райман Х. доггах къахьоьгуш ю «Нохчийн меттан а, литературин   а урокашкахь       г1иллакх –оьздангаллица                                  кхетам    кхиорехь. Даймахках    лаьцна   шена   х1ума хаа луучунна   шортта      г1ирс бу Раймана  вовшахтоьхна. Иштта    къахьоьгу     Раймана нохчийн меттан   кабинет вовшахтухуш а.   Цуьнан    кабинета чохь бу  нохчийн мотт урокана оьшуш болу г1ирсаш а, иштта ю вайн нехан хьалхалера пхьег1аша, духарш а.     Цо ч1ог1а   т1аламбеш лелайо   нохчийн меттан     кабинет.

Иштта    билгалбаха   лаьа   суна  тхайн    нохчийн   меттан къона   хьехархой:   Дениева    Макка, Халимова  1айшат, Сайгатова   Хьава а. Шаьш   болх    беш  болу   дукха хан    яцахь а, шайна т1едиллина    декхарш  кхочуш деш схьабог1у уьш.  Иштта  цара дакъалоцу  «нохчийн меттан»к1ира      д1адахьарехь а «нохчийн меттан»     де даздарехь а.     Шаьш юьхьарлаьцна некъ  ч1ог1а безаш,     дешархошна   г1иллакх- оьздангалла совйоккхуш, ненан-меттан сий дан     дешархой 1амар т1ехь д1ахьо    цара.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Воздингов Махаш

 

Баккъалла а  хьанна ца вевза  поэт,художник Воздингов Махаш?

 90-чу шерашкахь республикан юкъараллин политически а, культурни а дахарна юкъахь  хиллачарна дика вевза  Махаш.

     Иза вина 1953-чу шарахь. Нохчмехкан дага юккъехь йолчу Г1оьрдалахь халакхиъна .Оцу юьртан  школехь яьхна цо  кхоллараллин  хьалхара г1улчаш.Махаш ша тайпана кхоллам а,амал а йолуш говза а,беркате а стаг ву.

    Махаш пох1ма долуш поэт ву.Цуьнан пох1ма «лехна» , «карийна» , «къахьогуш даьккхина» дац ,иза цунна дуьненчохь волуш Дала делла ду.

    Махашан произведенийн мотт – нохчийн къоман ц1ена мотт бу.Маь1нех кхеташ ,къоман синкхетамца бог1уш ,хуьлу цо  пайдаоьцу исбаьхьаллин г1ирсаш .Цундела дукха еза  Махашан стихаш баккхийчарна а,кегийчарна а ,интеллигенцина а,белхалошна а .

 

 

Декъалхила ,Нохчийчоь

 

Мехкаш кхуллуш ,дуьне кхала

 Дала тхуна елла хьо.

Нохчийчоь,ахь йоьг1на г1ала,

Нашхахь Деле дехна тхо.

 

Машаре куьг кховдийна,

Хийра хьаша вохвина,

Хьо дуьненахь евзина,

Тхан комаьрша Нохчийчоь.

 

Хьан сийдина к1енташа,

Хьо хазйина мехкарша,

Ирсе йина къаьмнаша,

Декъалхила ,Нохчийчоь!

 

Самах,г1енах хьоьца деха,

Генахь хиларх къоман са.

Ахь 1амийна  бакъо леха,

Тхо  кхиийна маьлхан ц1а.

 

Нанас хьарамбина накха .

Бицбинчунна нохчийн мотт.

Дайша весет дина вайга:

Маьрша хир вац боцург мохк.

 

Мехкаш кхуллу дуьне кхала,

Дала тхуна елла чоь,

Таханчулла  ирсе кхана

Маьрша яха,Нохчийчоь!

 

 

 

 

 

 

 

Дакаев  Саь1идбек

Россин яздархойн декъашхо  Дакаев  Саь1идбек вина 1951-чу шеран 9-чу  сентябрехь  Казахски СССР-н Къилбседа-Казахстански  областера  Соколовски  к1оштан  Сумное юьртахь .Нохчийн халкъ  махках  даьккхин  зама яра иза .Шайн  доьзал   даймахка юхабирзича ,иза  Ножин-Юьртан к1оштан  Г1оьрдлара школе вахара.

     Школехь  доьшуш волуш стихаш  язъян волавелла  Дакаев Саь1идбек .Х1етахь уьш дуьххьара  зорбатуьйхира  Шелан к1оштан  газетан ,т1аьхьо «Ленинан некъ» газетан, «Орга»  альманах  а аг1онаш т1ехь .Нохчийчуьра къоначура  литературин  юкъарчу гуларшкахь а, «Нохчийн поэзин анталоги» т1ехь аравели поэтан  стихаш.

1981-чу шарахь араели Дакаев Саь1идбекан  шен киншка а-«Дегнийн йоврйоцу ц1е».Цуьнан коьрта турпалхой бара  къинхьегаман  нах,даймехкан зовкх  кхоллахой,авторан заманхой.

Кхузахь вина хиларх ,нохчийн  мотт  буйцуш иза хиларх ,мил-милла а ца хетта вайн турпалхочун шен мехкан –Нохчийчоьнан,к1ант.Ша велахь цуьнан  к1ант хила веза,Даймахкан ямарт воцуш ,цунна чу шен садиллина.

Дакаев Саь1идбек поэзи  догдикаллех,массо а адамашка ,Даймахке, 1аламе болу безамах юьззина.

 

                              Нохчийн мотт

 

                  Азаллин кийрара г1аттийна ,

                  Дуьйцина,дош дашах хоьттина

                  Кхолламо шегарчу йолана

                  Нохчашна мотт белла ,доладан.

                 

                   Шелонан ткъевначу къахкаре,

                  Йовхонан тевнечу кхехкаре,

                  Т1ехь боцчу бехкамех тийсина

                  Нохчийн мотт садаккха кхийсина.

 

                 

 

                  Човхийна,дош акхадаьккхина,

                  Нохчичун долара баьккхина,

                  Бистхуьлуш лаьттахь  ца хазийта,

                  Нохчийн мотт, га тоьдуш, лазийна .

 

                   Кхолламе кхоамаза  хьешийта,

                   Даймахке сатуьйсуш ,хьегийта,

                   Дитт  хьоькхуш ,ирйина ,туйсина ,

                   Харцонаш юьхьдуьхьал тийсина .

                  

                    Г1елоно г1елбина латтабарх,

                   Халоно меженаш сеттаярх,

                   Дош доьхна ,доцург ца дийцина,

                   Доьналлин хьаьркаш  ца хийцина.

 

                   Хьакъхилла бистхила ,денбелла,

                   Марзонийн уьйрашкахь гулбелла,

                   Нохчийн мотт когаш т1е х1оьттина,

                   Даймехкан да хилла г1аьттина .

                  

                      Назманан шовкъечу байташкахь ,

                   Мукъамийн зевнечу  айдаршкахь,

                   Чкъор тилла,ца буьйлуш берзина ,

                   Нохчийн мотт дайн кхерча бирзина.

                  

                     Къонахийн ойланех боьттина,

                   Машаран г1ароле х1оьттина,

                   И бека нохчичун хьекъалехь,

                      Ца хила йиш йоцуш декъала

 

 

 

 

 

 

 

                    Оздамиров Шемилбек

 

 

 

Даймехкан беш!

                                                                          Юха а денлуш ю вайн Соьлжа-Г1ала,

Урамаш сийсаш ду, ц1анлуш бу мохк.

Де дийне мел дели айлуш бу бала,

Цу маьлхан з1аьнарша худуш ю дохк.

 

Мехкаден омра ду кхочушдеш- «Кхала!»

Дийнахь а, буса а белхаш бу беш.

Х1ора а ву г1ерташ ирсе ян «Кхане»,

Нур лепаш, къагаян Даймехкан беш.

 

 

Г1аланаш юттуш ю, туьйранахь санна

Ишколаш, бошмаш ю берашна еш.

Мехкан да  ву даим шен халкъацанна,

Заь1апхойн, г1ийлачийн дола ду деш.

 

 

Дуьненан къаьмнаш ду цецдуьйлуш, хьуьйсуш,

Гуш долчух ца тешаш, тамаша беш.

Иттаннаш шераш шаьш дезар ду баьхнарш

Ши шо а далале х1иттий вай теш.

 

 

 

 

Иштта ю-кх, Нохчийчоь, хьан тахне. Кхане

Хуьлийла совъюьйлуш эзарнашкахь.

Машаре яхийтар, куьг кхийдош гене

                                                       Доьхур ду Деле сайн до1анашкахь.