"Нохчийн меттан шо"

18.02.2023

Г1оьрдала-Йуьртарчу йуккъерчу ишколехь ши эзар ткъе кхоалг1а шо - "Нохчийн меттан шо" хилар билгал а доккхуш, нохчийн меттан шо д1адоьллуш, даздар д1адаьхьира.Нохчийн меттан хьехархой : Оздамиров Шамилбек, Эсилаева 1айнаъ, Дурсиев 1абдуллах1, Мазаев Асланбек.Цигахь хьошалг1ахь - Гуьмсан к1оштан дай-наной кхерчан декъашхо - Есаулова Хадижат, корматалла йолу берашца болх бан хьакъ йолу белхало а яра дакъа лоцуш.Вовшахкхетар д1адаьхьира ларамца.Дала т1аьхье беркате йойла!