Стихотворение к году Чеченского языка
02.02.2023
Стихотворение к году Чеченского языка. Автор
Эсилаева Айнаъ Халидовна.
Ненан мотт
"Нохчийн меттан шо "ду аьлла
Ши эзар ткъе кхолг1а шо,
Хьан сийлаллех дешнаш ала,
Тахана гулделла тхо.
Сан ойланех хьо д1аийна,
Хьоьца бен йац деган шовкъ,
Хьан мукъамца со техкийна,
Ду хьо Дала делла зовкх.
Бац кхин мотт сан хьоьца хийца,
Мехала ду х1ора дош.
Дукха ду хьох лаьцна дийца,
Аьзнаш ду хьан башха товш.
Хьан сий-т1алам халкъо бина, 1илманчаша дина иэс,
Абузара хьо лийрина,
Йазйеш ша "Лаьмнашкахь ткъес".
Г1иллакх, эхь-бехк хьоьца деха,
Хьан доьналла -лекха лам,
Хьоьца уьйр йерг маьрша веха-
Безарг ненан мотт, шен къам!